(Translated by https://www.hiragana.jp/)
Тэтчер Маргарет — Википеди Чулацаман тӀегӀо

Тэтчер Маргарет

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХӀара хӀокху агӀонан тишйелла верси йу, Ӏалашйина Сайд-Магомед Ханский (дийцар | къинхьегам) декъашхочо (2021, 2 февраль, 10:37). Иза баккъалла а къаьсташ хила мега карара версица.

Маргарет Хильда Тэтчер, баронан зуда Тэтчер (ингалсан маттахь Margaret Hilda Thatcher, Baroness Thatcher) — 1979—1990 шерашкахь Сийлахь-Йоккхачу Британин премьер-министр а, 1975—1990 шерашкахь Консерваторийн партин хьалханча а, 1992 шарера схьа дуьйна баронесса ю. Оцу даржехь хьалхара зуд яра иза. Иштта европин пачхьалкхехь премьер-министр х1оьттина хьалхара зуда яра Тэтчер. XX-чу б1ешарахь Тэтчеран премьералла уггаре дехха дара. Советийн пачхьалкхан кӀоршаме критика ярна цуьнан харц цӀе «болатан леди» яра. Масийтта консерваторийн гӀуллакхаш дахарехь кхочушдира цо. И г1уллакхаш «тэтчеризм» олучу политикан дакъа дара.