68 шо
Арахьара хатӀ
Шераш |
---|
64 · 65 · 66 · 67 — 68 — 69 · 70 · 71 · 72 |
Итта шераш |
40‑гӀа · 50‑гӀа — 60‑гӀа — 70‑гӀа · 80‑гӀа |
БӀешераш |
I бӀешо кхачале вай. заман. — I бӀешо — II бӀешо |
I эзар шо | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
II бӀешо кхачале вай. заман. — I бӀешо кхачале вай. заман. — I бӀешо — II бӀешо — III бӀешо | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Хронологин таблица |
68 (кхузткъа бархӀалгӀа) шо Юлианан рузманца — високосан доцу шо, долалуш долу ПӀераскахь. Иза вайн эран 68 шо ду, 68 шо 1 эзарлагӀа шерашкахь, 68 шо бӀешеран, 8 шо 7-гӀа иттаннаш шерашкахь I бӀешеран, 9 шо 60-гӀа шерийн.
Хиламаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Император: Нерон (9 июнь кхаччалц), цул тӀаьхьа Гальба.
- Консулаш: Силий Италик а, Публий Галерий Трахал а.
- Консул-суффекташ: Нерон (5-гӀа), Гай Беллиций Наталис, Публий Корнелий Сципион Азин.
- бӀаьсте — Веспасиана лагерь тоьхна Иерихонан герга, къарйина йерриг гуонахьара гӀаланаш а, йарташ а.
- Гибель наместника Нижней Германии Фонтея Капитона.
- Нерон Неаполе а, Руме а ловзарийн толамхо санна йухавар. Неронан дуьхьала гӀовтту Лузитанан Галлин пропретор Гай Юлий Виндекс а, Испанин сардал Гальба а. Гальба шен эскаро император кхайкхийна. Виндекса, Отона, кхин сардалша а Гальбин агӀо лецира. Вергинийс, Галлера германин легионийн хьаькамо, кхайкхадо, император сенато харжа веза олий. Вергинийс иэшийра Виндекс тӀамехь. Виндекса ша вийра. Преторихоша ша вуьту Нерон, ткъа сенато вожийна кхайкхаво иза. Нерон ведира Румера. 7.6 (9.6) — Нерона ша «Ма сийлахь артист ву леш!» дешнашца вийра.
- Неронан омарца Мизенехь Гальбас кхуллу «Адъютрикс» I Легион (Legio I Adjutrix)
- Императоран Неронан дуьхьала Галлера куьйгаллехь руман тӀеман баьчча Виндекс Юлий волу гӀаттам;
- БӀаьста — Испанера легионийн гӀаттам, цара император кхайкхийра Тарракон провинцин сардал кхузткъе цхьайтта шо долу Гальба Сервий Сульпиций; гӀаттаман гӀолецира кхин провинцеша, Гальбин эскар Рум тӀедахара маршца;
- Июнан йуьххьехь Нерон, шен са дадийна, воду Румера;
- Гальба Рум чувоьдий, Руман империн йуьззина бакъонаш йолу урхалча хуьлу;
- 68, июль-69, январь — Руман император Гальба, Сервий Сульпиций (вайн эрал 3 шо хьалха 24 декабрь – 69 шеран 15 январь).
- Сенато Гальба император чӀагӀво. Вергинийс къобал во иза. Нимфиди преторин префект Сабин ша император кхайкхо гӀоьртира, амма сихха вийра иза. Гальбас Руме кхаьчначул тӀаьхьа цхьа суд йоцуш Сабинан доттагӀий байа элира. Гальбин коьрта хьехамчо Винийс, боккха кхаъ эцна Тигеллин дийна витира. Веспасианан аьттунаш ЙахӀудехь. Гальбин реза бацарш алсама дуьйлу провинцешкахь. Гальбас Вителлий Лахара Германин префект хӀоттаво.
- III «Августан» легионан (Legio III Augusta) легато Луций Клодий Макра, ша Къилбаседа Африкера маьрша пачхьалкхан паччахь кхайкхаво, кхуллу «Макриана Либератриксан» I легион (Legio I Macriana liberatrix)
- Цийчохь йоьгӀна дуьххьарлера буддийн еза меттиг — КӀайчу Говран килс.
Белла
[бӀаьра нисйан | нисйан].
- 25 апрель — Марк асхьаб — инжилхойн веаннах цхьаъ, кхузткъе иттаннах асхьаб; Искандрин хьалхара епископ, вийна текъархоша.
- 9 июнь — Нерон, руман император (вина 37 шарахь) сенато виеран кхел йинчул тӀаьхьа ша-шен вийна.
- 19 сентябрь — Феликс а, Констанци а — керстачеран килсин сийлахьберш, Ӏазапхой.
- Ананус бен Ананус[en] — исраилан хьалхара мозгӀар (63)
- Басилисса а, Анастаси а[en] — сийлахь Ӏазапхой, байина
- Гай Юлий Виндекс — 68 шарахь къилбаседа Галлехь Неронан дуьхьала гӀаттам айина руман баьчча, Луций Вергиний Руфан эскаро иэшийча ша-шена тоьхна велла
- Локуста — Руман дӀовш туьйсург, йийна Гальбин омарца
- Луций Клодий Макр — Руман узурпатор, Африкехь Гальбин дуьхьала гӀаттам бина, Гальбин омарца вийна
- Митридат VIII — Боспоран паччахь (38—45), вийна Гальбин омарца.
- Гай Нимфидий Сабин[en] — преторин гвардин куьйгалхо, Нерон вожош дакъа лаьцнарг, вийна шен салташа.
- Поликлит[en] — Руман маршаваьккхинарг, Неронан векал, вийна Гальбин омарца
- Публий Петроний Турпилиан — Руман тӀеман а, политикин а гӀуллакххо, 61 шеран Руман консул, Неронан тешаме хиларна вийна Гальбин омарца
- Фонтей Капитон — Руман политикин гӀуллакххо, 67 шеран Руман империн консул, бехке вина къайлаха берта вахарх, вийна Гальбас къобал дарца
- Цингоний Варрон — Руман политикин гӀуллакххо, вийна Гальбин омарца.