(Translated by https://www.hiragana.jp/)
БидӀат — Википеди Чулацаман тӀегӀо

БидӀат

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ислам
Исламан арканаш
Ийманан арканаш
Истори а, бусалбанаш а
Коьрта тобанаш
Ӏилма
Культура а, йукъаралла а
Хьажа иштта
Ков     Категори     Викидошам     Викицитатник     Викитека     Викихаамаш     Викисклад

Би́дӀат (Ӏаьр. بدعة‎‎), исламехь — керланиг, керла юкъадаьккхинарг.

Баранов Харлампийн Ӏаьрбийн-оьрсийн дошам тӀехь[1] даладо иштта маьӀнаш Ӏаьр. بدعة‎‎ («бидӀат») дешан:

  1. керланиг, керла юкъадаьккхинарг; керла хӀума;
  2. динехь: Ӏосалла.

Кхетаман истори

[бӀаьра нисйан | нисйан]

БидӀах болу кхетам кхоллабелира омейядашна дуьхьалчу оппозицин юкъахь, уггар хьалха шиӀиташна а, хьариджиташна а, халиф Ӏусман бехкен веш тайп-тайпанчу «керла юкъадаьхначех» — гӀуллакхех, дуьхьалдолчу (царна гарца), Мухьаммад пайхӀамаран (АллахӀера салам, маршалла хуьлда цунна) дешнашна а, леларшна а[2]. Цул тӀаьхьа и кхетам шуьйра баьржира, лело а болийра полемикан а, доксографин а литературехь, хӀинца «гӀалат долу кхетам», «тилар» маьӀнехь. «БидӀат» кхетаман билгалдаьккхина доза дацара: цхьа хӀума, кхетам тайп-тайпанчу ишколаш дуьйцура «мегардоцу керланиг», «тилар»[2](«…хӀора керланиг тилар ду»[3]), я «нийса лелар», серло йелла Къуръано а, суннаташ а[2]. Иштта, масала, ГӀайлан ад-Димашкис (вийна 740 шеран гергахь) кхайкхийнаболу адаман лааман маршонах кхетам, цхьаьна динан гӀуллакххоша тӀелоцура, ткъа кхечара дӀатоттура «цамега бидӀат» олий. Цуьнан агӀончаша а, дуьхьалчара а Къуръан тӀе а туьйжуш вовшех бехке дора «тиларх».

Хьажа иштта

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Баранов Х. К. Арабско-русский словарь: ок. 42 000 слов.. — 3-е. — М.: Издатель Валерий Костин, 2001. — 944 с. — 2000 экз. — ISBN 5-901278-05-4.— С.60.
  2. 1 2 3 Ислам: ЭС, 1991.
  3. Абу Дауд Сунан, хадис № 4607; ат-Тирмизи, хадис № 42678.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]