(Translated by https://www.hiragana.jp/)
Екатерина II — Википеди Чулацаман тӀегӀо

Екатерина II

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Екатерина II-гӀа Алексеевна
Екатерина II-гӀа Алексеевна
Екатерина II сурт. Фёдор Рокотов. 1763 шо. Третьяковн галерей
Екатерина II-гӀа Алексеевна
Байракх Ерригроссийн Император-аьзни а, Ша Ӏедал латториг
 —  1796 6 (17) ноябрь
Хьалха хилларг Пётр III
Когаметтаниг Павел I

Дин Керста динан килс
Йина терахь 1729 шеран 2 май({{padleft:1729|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:2|2|0}})[3][4][…]
Йина меттиг Штеттин, Прусси паччахьалла
Кхелхина терахь 1796 шеран 6 (17) ноябрь[5][6] (67 шо)
Кхелхина меттиг Ӏаьнан гӀала[1], Петарбух, Российн импери
ДӀайоьллина Петропавловскан килс, Петарбух
Тайпа АсканигӀар
Йича тиллина цӀе нем. Sophie Friederike Auguste von Anhalt-Zerbst
Да Христиан-Август Ангальт-Цербстан
Нана Иоганна-Елизавета Гольштейн-Готторпан
Майра Пётр III
Бераш Павел I Петрович
Анна Петровна[2]
Алексей Григорьевич Бобринский
Динлелор Лютераналла (1744 шо кхаччалц)Православи
Автограф Автографан сурт
Монограмма Монограмма
СовгӀаташ
Сийлахь асхьабан Андрей Первозванни орден Сийлахь Екатеринин I тӀегӀанара орден Сийлахь Георгийн 1 тӀегӀанан орден
Сийлахь Невски Александран орден
СерафимгӀеран орденан кавалераш КӀайн аьрзунан орден
Эскаран тайпа Оьрсийн гварди[d]
ЦӀе полковник
Буьйр дар лейб-гвардин Преображенски полк, Семёновн лейб-гвардин полк, Измайловн лейб-гвардин полк, Дошлойн лейб-гвардин полк
Латар
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Екатери́на II (Екатери́на Алексе́евна[7]; Екатери́на Сийлахьйерг; йинчу хенахь Софи́я Авгу́ста Фредери́ка А́нгальт-Це́рбстан (нем. Sophie Auguste Friederike von Anhalt-Zerbst-Dornburg), православехь Екатерина Алексе́евна; 1729 шеран 21 апрель [2 май], Штеттин, Прусси1796 шеран 6 [17] ноябрь, Ӏаьнан гӀала, Петарбух, Российн импери) — Йерригроссийн император-аьзни 1762 – 1796 шерашкахь.

Ангальт-Цербстан элин йоӀ, Екатерина Ӏедале йеира 1762 шеран гӀалин харцам бахьнехь, цуо Ӏарш тӀера вожийра шен нахана цавеза майра Пётр III-гӀа.

Екатеринин мур билгалбелира уггаре чӀогӀа ахархой гӀопалле берзорца а, элийн бакъо массо агӀора шорйира.

Екатерина Сийлахьйолчо Российн империн дозанаш хаъал дӀатеттира малхбузехьа (Речь Посполити йекъар) а, къилбехьа (Новоросси, ГӀирма, мелла а Кавказ тӀетуьйхира) а.

Екатерина ШолгӀа йолуш пачхьалкхан урхаллин система Пётр I-чун заманера дуьйна дуьххьара хийцира.

Екатерина дуьнен тӀе йаьлла цӀа

София Фредерика Августа Ангальт-Цербстан йина 21 апрелехь (2 майхь1729 шарахь немцойн гӀалахь Штеттин — Померанин коьрта шахьрахь (хӀинца Щецин, Польша), Домштрассе (нем. Domstraße) урамера № 791 йолчу цӀа чохь[8][9][10].

Да, Кристиан Август Ангальт-Цербстан, схьавалар дара цербст-дорнбурган гаранах Ангальтан цӀийнах, гӀуллакхехь вара пруссин паччахь волчохь, вара полкан баьчча, комендант, цул тӀаьхьа Штеттин гӀалин губернатор, хин йолу император-аьзни дуьнен тӀейелира, баллотировка йира курляндин герцоган, амма аьттонза, гӀуллакхера дӀавелира пруссин фельдмаршал волуш. Нана — Иоганна Елизавета, Готторпан долара цӀийнах, йара Пётр III-гӀачун ненан шича. Иоганна Елизаветин сил-сила хьалайоьду Данин, Норвегин, Швецин паччахье Кристиан I-чуьнга, Шлезвиг-Гольштейнан хьалхара герцог а, ОльденбурггӀеран некъийн корта.

Ненан ваша Адольф-Фридрих 1743 шарахь хаьржира шведийн Ӏаршан когаметта, ткъа Ӏарш тӀе хиира 1751 шарахь Адольф Фредрик цӀарца. Ткъа кхин ненан ваша, Карл Эйтинан, Екатерина I-чун ойланца цуьнан йоьӀан Елизаветин майра хила везара, амма велира ловзаран кечам беш.


Бералла, дешар, кхиор

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Екатерина Россех йеинчул тӀаьхьа, сурт диллина Каравак Луис

Цербстан герцоган доьзалехь Екатеринин цӀера дешар делира. Ӏамийра ингалсан, французийн, италихойн мотт, хелхарш, музыка, истори, географи, делан дош. Иза кхиира аьрха, хӀуман балаболуш, хьарцахьара лелаш, марзделлера кӀенташна шен майралла гайта, иза ловзура Штеттинан урамашкахь. Да-нана реза дацара «кӀентех» йоӀ леларна, амма царна мегаш дара, Фредерика жимаха йолу йишега Августе хьаьжча. Бераллехь нанас цунах олура Фике йа Фикхен[11] (нем. Figchen — схьайолу Frederica цӀарах, аьлча а «жима Фредерика»).

1743 шарахь российн император-аьзнин Елизавета Петровнин, шен когаметта хин волчу сийлахь элин Петр Фёдоровична (хин волчу оьрсийн императоран Петр III-гӀачун) нускал лохуш, дагадеира, ша леш шен нанас голштинан принцан, Елизаветин вешин Иоганнан, зуда хила аьлла весет дар. Тарло, иза бахьнехь хаьржина хила Фредерика[12]; хьалха Елизаветас жигара гӀолецира шведийн Ӏарш тӀе цуьнан ненан ваша хаош[13]. 1744 шарахь цербстан принцесса ненаца кхайкхира Россех Петр Фёдоровичца мах бан, шен маьхчийца. Дуьххьара шен хин волу майра цунна гира Эйтинан гӀап-гӀалахь 1739 шарахь.

Пхийтта шо долу принцесса ненаца 1744 шеран 12 февралехь Россех йахара Ригехула, цигахь уьш севццачу цӀенна уллехь, сийлахь ха деш вара поручик барон фон Мюнхгаузен.[14] Россех схьакхочушехь оьрсийн мотт, истори, православи, оьрсийн гӀиллакхаш, хӀунда аьлча йуьззина Росси Ӏамо гӀертара, шен керла даймохк а хеташ. Цуьнан хьехархошна йукъахь билгалбовлу динан хьехамча Тодорский Симон (православии хьехархо), хьалхара оьрсийн грамматикин автор Ададуров Василий (оьрсийн меттан хьехархо), балетмейстер Ланге (хелхарийн хьехархо).

Принцесса София Ангальт-Цербстан йозанан каллиграфин а, французийн меттан а упражненеш[15]

Шега ма-Ӏаммало сиха оьрсийн мотт Ӏамо гӀерташ, хин йолу император-аьзнис буса а болх бора, шийлачу хенахь кор а доьллий, коре а хуий. Дукха хан йалале иза цомгуш хилира пехашна хьу кхетта, цуьнан хьал гӀийла дара, нанас лютеранийн мозгӀар валаве а бохуш. Амма София реза ца хилира, Тодорский Симон вало бахийтира. Иза бахьнехь иза дукха йийзира оьрсийн паччахьан кертахь[16]. 28 июнехь (9 июлехь1744 шарахь София Фредерика Августа лютераналлера православе дехьайелира, цӀе Екатерина Алексеевна тиллира (изза цӀе а, ден цӀе а, ненан Елизаветин санна — Екатерина I), ткъа шолгӀачу дийнахь мах бира хин волчу императорца.

София ненаца Петарбухехь хилар догӀура политикин ловзаршца, царна бехкен йерг цуьнан нана Цербстан сту йара. Иза Пруссин паччахь Фридрих II-гӀа везаш йара, ткъа тӀаьхьарчо сацам бира иза оьрсийн императоран кертахь хилар шен пайденна дерзо, Российн арахьара политикин шен Ӏаткъам хӀотторхьама. Цунна план хӀоттийнера, ловзаршца император-аьзнин Елизавета Петровнин Ӏаткъам а бина, пруссин дуьхьала политика лелош волу канцлер Бестужев гӀуллакхашна гена ваккха, иза Пруссин безамехь волу кхечу хьаькамца хийца. Амма Бестужевн аьтту белира Фридрих II-гӀачуьнга Цербстан стус йаздина кехаташ карадаийта а, уьш Елизавета Петровнин гайта а. Иза хиинчул тӀаьхьа, цуо дукха сиха шен цуьнца йолу йукъаметтиг хийцира, цунна оьгӀазло а йираргла опале[17]. Амма тӀехула агӀора цуо, официалан оцу ловзаршкахь дакъа ца лаьцначу, Софийн шен хьолан Ӏаткъам ца бира.

Российн Ӏаршан тӀаьхьенах волчуьнца мах бар

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Исбаьхьалча Анна Росина де Гаск. Сийлахь сту Екатерина Алексеевна майрачуьнца Петром III-гӀа Фёдоровичца. 1756, Швецин Къоман музей.

21 августехь (1 сентябрехь1745 шарахь йалхийтта шо долуш Екатеринин мах бира 17 шо долчу Петр Фёдоровичца. Цхьаьна бехачу хьалхара шерашкахь Пётран бала а бацара зудчуьнца, зудчунна а, майрачунна а йукъаметтигаш йан а йацара. Цунах лаьцна Екатеринас тӀаьхьа йаздийр ду[18]:

Сунна чӀогӀа дика гора, сийлахь элан со йеза а ца йезий; ловзар хилла ши кӀира даьлча цуо соьга элира, шен император-аьзнин фрейлина Карр йеза аьлла. Цуо графе Дивьере, шен камергере элира, шена а, оцу йоьӀна а йукъахь дуста а ца оьшу аьлла. Дивьера дуьхьала дерг бахара, иза цунна оьгӀаза вахара; и сцена со чохь йолуш хилла ала мегар дара, сунна ган а гира и къовсам. Бакъдерг дийцича, аса сайга ала а элира, оцу стангца со ирсе хир йац, нагахь санна иза суна везалахь, пайденна хир дац.

Иштта со гӀертара со йезарна эмгаралла ца лелош со ца йеза стаг бахьнехь, ткъа иза ца лело кхин некъ бацара и ца везар бен. Нагахь цунна ша везийта лаахьара, иза сунна хала дацара: со Ӏаламера дуьйна сайн декхарш кхочуш дан Ӏемина йара, оцунна сунна оьшура могаш хьекъал долу майра, ткъа сайчунна иза дацара.

Рослин Александр исбаьхьалча. Павел I Петрович, Екатеринин кӀант, 1777.

Екатерина кхин дӀа а шен дешар ойуш йара. Цуо доьшу историн а, философин а, юриспруденцин а жайнаш, боьшу Вольтеран а, Монтескьён а, Тацитан а, Бейлан а кхолламаш, йоьшу дуккха а кхин литератур. Цуьнан коьрта самукъадаккхар дара таллар, говрахь лелар, хелхарш, маскарадаш. Сийлахь элаца зудчун майрачун йукъаметтиг цахилар бахьнехь Екатеринин гучабевлира безаргаш. Оцу йуккъехула, император-аьзни Елизавета реза йацара церан бераш цахиларна.

ТӀаьххьара, шозза аьттонза берах хилла, 20 сентябрехь (1 октябрехь1754 шарахь Екатеринас кӀант вира – Павел. Бер дар чӀогӀа хала хилира, бер ненера сихха схьадаьккхира паччахьалла лелош йолчу император-аьзнин Елизавета Петровнин лаамца, Екатеринин бер ца кхиадайтира, наггахь Павел ган бакъо йелира. Иштта сийлахь стун дуьххьара гира шен кӀант вина 40 де даьлчи. Цхьа могӀа хьосташа чӀагӀдо, Павелан да Екатеринин везар С. В. Салтыков ву бохуш (дуьххьал дӀа цунах лаьцна Екатерина II-гӀачун «Тептаршкахь» дац, амма цхьаболчара иштта туьду). Кхечара боху уьш бух болуш хӀуманаш дац, и сакхт дӀадоккхуш Петран операци йира. Да хиларх долчунна йукъаралла тӀаьхьайелира.

Исбаьхьалча Христинек Карл Людвиг. Бобринский Алексей Григорьевич — император-аьзнин къуотӀагӀала вина кӀант. 1769, Пачхьалкхан Эрмитаж.

Павел винчул тӀаьхьа Петран а, Елизавета Петровнин а йукъаметтигаш чеккхенца телхира. Пётрас шен зудчух «резерван мадам» олура, къайлах а доцун йезарш гулбора, амма, изза лело Екатеринин новкъарло а ца йора, ткъа оцу муьрехь, ингалсан векал сэр Ханбери Уильямс Чарльз дика хьевзина, йукъаметтигаш йолайелира Понятовский Станиславца — Польшин хин волчу паччахьца. 9 (20) декабрехь 1757 шарахь Екатеринас йоӀ Анна йира, оцуо чӀогӀа реза ца вира Петр, цуо зуда берах йуй хиича элира: «Далла хаа, сан зуда йуха а берах стенна хилла! Со тешна вац, сох дуй теша и бер, тӀеэца дезий теша иза ша»[19].

Ингалсан векал Чарльз Ханбери Уильямс оцу муьрехь уллера доттагӀ а, тешам белларг а вара Екатеринин. Цуо масийттаза делира цуьнга йуха лург даккхий ахчанаш: деккъа 1750 шарахь цунна делира 50 000 сом, цунах лаьцна шиъ куьг йаздина кехат дара[20]; ткъа 1756 шеран ноябрехь цунна делира 44 000 сом.[21] Иза бахьнехь дуьхьала векалан къайленаш гучуйохура — багахула а, кехаташца а, уьш цуо сих-сиха йаздора векале божарша йаздича санна (гучу ца йалийта)[22]. Масала, 1756 шо чекхдолу, Пруссица ВорӀ шеран тӀом болабелча (цуьнан бартхо Ингалс йара), Уильямсан, цуо ша дийцарехь, Екатеринас ладаме хаам белира тӀом бечу оьрсийн эскарех а, тӀелатаран планах, цуо иза Лондоне дӀайелира, кхин а Берлине пруссин паччахье Фридрих II-гӀачунна а[21][23]. Уильямс дӀаваханчул тӀаьхьа цунна ахча лора цуьнан когаметта волчу Кейтас а[24]. Екатеринас сих-сиха ингалсхошкара ахчанаш дахар историкаш кхетадо цуо иза дукха дайарца, цунна хазнера иза кхаба дӀахецначул дуккха а шорта[20]. Шен цхьаьна Уильямсе йаздинчу кехатехь, цуо баркалла алархьама тӀелецира, «Росси Ингалсца доттагӀаллин, йерриг Европин а, кхин а чӀогӀа Российн оьшу, берте йало, цуьнгахьа озабезам а, гӀо а лаца, шайн йукъарчу мостагӀчуьнца, Францица, ткъа цуьнан сийлалла эхь ду Российна. Со Ӏемара йу дахарехь и синхаамаш дӀакхехьа, цунна тӀехь бух буьллур бу сайн сийлаллин, гойтур ду паччахьан, шун паччахьан, и синхаамаш чӀогӀа хилар»[25].

Екатерина нахарташ а, банкноташ а тӀехь

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • 1992 шеран 24 ноябрехь Российн банко арахецна, «Дешаран мур. XVIII бӀешо: Екатерина II. Законашкхоллархо» серера, тӀехь император-аьзнин сурт долу, 25 сом мах болу, палладийн иэсан нахарт[26].
  • 2011 шеран 13 декабрехь Российн банко арахецна российн хьалхара страхови хьукматан 225 шо кхачарна лерина реверс детин йолу 100 сом.
  • 2015 шеран 2 март. 1000 сом мах болу дешин нахарт. «РОССИЙН БАНК. ЙИЛЛИНА 1860 ШАРАХЬ». Реверс тӀехь гайтина Екатерина II-гӀачун суьртаца банкнотин дакъа.
Арахьара видеофайлаш
Екатерина II Алексеевна - "Законная монархия". Документальный фильм из цикла "Русские цари"

1778 шарахь Екатеринас хӀоттийра шена забарен эпитафи (гоч. фр.):

Кхузахь дӀайоьллина
Екатерина ШолгӀа, Штеттинехь йина
1729 шарахь 21 апрелехь.
Цуо Россехь 34 шо даьккхира, йахара
Цигахь Петр III-гӀачуьнга маре.
Дейтта шо кхаьчначу хенахь
Цуо хӀоттийна кхаалха проект — хазахетийтар
Майрачунна, Елизавета I-чунна, халкъана.
Цуо хӀуъаа дора оцунна тӀаьхь кхиамаш баха.
Берийтта шеран сингаттамо а, ша йисаро а дукха жайнаш дешийтира.
Оьрсийн Ӏарш тӀейаьлла, иза гӀиртира дикане,
Лаара шен куьйгакӀела болчарна ирс, маршо, долара бахам бала.
Иза атта къинтӀера йалара, цхьаьнцце хьагӀ йацара.
ХӀума могуьйтуш, дахарехь нуьцкъала хӀума ца дезаш, Ӏаламера схьа самукъане, синца республикахочун
Дикачу дагца — цуьнан доттагӀий бара.
Къинхьегам цунна байн бара,
Йукъараллехь а, дешан Ӏилманашкахь а цуьнан
Самукъа далара.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. http://www.history-gatchina.ru/article/smert_e2.htm Место смерти Екатерины II Великой
  2. Анна Петровна (дочь Петра III) // Русский биографический словарь : в 25 томах. — СПб.М., 1896—1918.
  3. Архив изобразительного искусства — 2003.
  4. Katarina II (швед.)SLS.
  5. Большая российская энциклопедияМ.: Большая российская энциклопедия, 2004.
  6. Исаев Ю. Н. Чувашская энциклопедияЧувашское книжное издательство, 2006. — 2567 с. — ISBN 978-5-7670-1471-2
  7. Такое же отчество носила и Екатерина I, в обоих случаях оно являлось условным, то есть принятым при православном крещении.
  8. Бильбасов, В. А. История Екатерины Второй. Т. 1: Екатерина до воцарения — С. 5. "Скай Хорс".
  9. Грот, Я. К. Воспитание Екатерины II. "Скай Хорс". Архивйина 2020-06-13 — Wayback Machine
  10. Geburtsort der Zarin Katharina II (нем.). Stadt Szczecin.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  11. Anthony P. Johnson. The Original Diva: the Life and Times of Catherine II the Great. — Lulu.com, 2009-04-13. — 77 с. — ISBN 9780557057542.
  12. Осмнадцатый вѣк: исторический сборник. Google Книги. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 12 март.
  13. А. Широкорад. Северные войны России. АСТ, 2001. С. 284.
  14. Левин Л. И. Российский генералиссимус герцог Антон Ульрих (История «Брауншвейгского семейства в России»). — СПб.: Русско-Балтийский информационный центр «Блиц», 2000. — С. 127. — ISBN 5-86789-120-8.
  15. Дюрнбург, 1742. Автограф. Государственный архив Российской Федерации. Тетрадь начата в апреле 1742 в родовой резиденции. В 1782 году Екатерина подарила её своему фавориту А. Д. Ланскому. В 1806 году Я. А. Дружинин, чиновник императорской канцелярии, приобрёл её у М..А. Ал (нрзб) и передал на хранение в библиотеку Зимнего дворца.
  16. Архивированная копия. ТӀекхочу дата: 2007 шеран 2 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2007 шеран 3 июлехь
  17. Бильбасов В. А. История Екатерины Второй. Берлин, 1900, т. 1, с. 117—118.
  18. Записки императрицы Екатерины Второй. — М.: Орбита, 1989.
  19. Анри Труайя. Екатерина Великая. — М.: Эксмо, 2004. — (Серия «Русские биографии») — С. 127. — ISBN 5-699-01632-5.
  20. 1 2 Казимир Валишевский. Екатерина Великая (Роман императрицы). Кн. 1. Ч. 2. Гл. 1, I.
  21. 1 2 Покровский М. Н. Русская история с древнейших времён. / При участии Н. Никольского и В. Сторожева. Т. 4. — М., 1911. — С. 46.
  22. Павленко Н. И. Екатерина Великая. — М.: Молодая гвардия, 2006. — С. 30. — (ЖЗЛ) — ISBN 5-235-02808-2.
  23. Бильбасов В. А. История Екатерины Второй. Т. 1. — Берлин, 1900. — С. 495—497.
  24. Бильбасов В. А. История Екатерины Второй. Т. 1. — Берлин, 1900. — С. 445.
  25. Бильбасов В. А. История Екатерины Второй. Т. 1. — Берлин, 1900. — С. 355.
  26. Екатерина II. Законодательница | Банк России. www.cbr.ru. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 29 июль.

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]