Танк
Танк — зӀенаш тӀехь лелаш йолу а, хьийзаш йолу бӀов чохь йоккха топ йолу а гӀагӀ диллина тӀеман маше.
Танкаш юкъайовлуш хенахь тӀехь пулемёташ бен йоцуш хуьлура уьш. ШозлугӀа дуьненан тӀом чекхбеллачул тӀехь танкаш тӀе ракетан герз хотто гӀиртира. Иштта, йолуш ю танкаш тӀехь цӀееттарг хӀоттийна.
Массара тӀелаьцна танкан къастам бац. Иза ду танкан концепци гуттара а хицалуш хиларна бахьнехь. Масала, Сен-Шимон цӀе йолу Францин танк тӀехьаьжча танк ю эра дац. Strv-103 цӀе йолу Швецин танках дукха говзанчаш танкаш хӀаллакйираг ю олу[1][2]. Цхьайолу Россиехь танкаш лоруш ераш (масала, Тип 94, Япони), малхбузе литературехь танкеткаш ю олу. Tortoise (A39) (Йоккха Британи) цӀе йолу еза танкан хьоьвзуш бӀов йац, цундела иза Шалела артиллерин дӀахӀоттам лору.
Таханлера танкан коьрта билгало ю цо герз туху меттиг сиха хийца йиш хилар бахьнехь шен йоккха топ хьала а, охьа а, го баьккхина дӀасаярзош. Дукха хьолехь иза дало цуьнан йоккху топ дӀасаярзалуш бӀов чохь хӀоттаяр бахьнехь.
Амма цхьадолу юкъарадаккхараш долуш ду. [3] Ша лела артиллерин дӀахӀоттам чӀогӀа танках хила тарло. Амма цуьна кхи Ӏалашонаш ю: кӀелонера танкаш хӀаллакъяра я герз даьтташ эскиран гӀо дар дӀакъевлина меттигара,[4] цундела цера цхьацца башхалаш ю, дуьххьара дӀа герзан ницкъа а, ларъярар а.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Tank Викилармехь |
- Антонов А. С., Артамонов Б. А., Коробков Б. М., Магидович Е. И. Танк, Воениздат, 1954 г. Архивйина 2012-01-11 — Wayback Machine
- Бабаджанян А. Х. (ред.) Танки и танковые войска Архивйина 2012-01-11 — Wayback Machine. М.: Воениздат, 1980. 432 с.
- The Russian Battlefield
- Военный музей Бронетанкового вооружения и техники. Россия, Кубинка Архивйина 2011-07-20 — Wayback Machine
- Бронетанковая библиотека Василия Чобитка
- Танку ПТУР не страшен. Защита бронетанкового вооружения и техники от высокоточного оружия
- Концепция танка с пневмоэлектрическим вооружением Архивйина 2011-11-24 — Wayback Machine
- Танки. История создания, вооружение, описание конструкции, боевое применение, общая оценка машин Архивйина 2014-04-06 — Wayback Machine
- С.Суворов. Танки: эра заката пока не предвидится Архивйина 2013-10-18 — Wayback Machine
- ACHTUNG PANZER! (ингалс.) (посвящён бронетанковой технике Германии периода Второй мировой войны)
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Ю. Спасибухов. Основной боевой танк Strv-103 // Танкомастер. — Москва: Техника — молодёжи, 2000. — № 2. — С. 32.
- ↑ М. Барятинский. Средние и основные танки зарубежных стран (Часть 2). — Москва: Моделист-конструктор, 2002. — 32 с. — (Бронеколлекция № 2 (41) / 2002). — 4500 экз.
- ↑ Ша-тайпа Швецин Strv-103 ц1е йолу танкан т1ехь йоккха топ нийса хьажаярхьам танк ша д1асаярзайо а, хьала-охьа а та1айо нислушйолу гидропневматикан подвескица. Хьалхара танкаш т1ехь йоккхи тоьпаш х1оттайора корпусан агйонашкахь.
- ↑ История развития и создания боевых бронемашин (ТӀе цакхочу хьажорг)