Делан Къуббанан килс
Арахьара хатӀ
Къудс гӀалахь йолу Ӏийса ден варан килс. Дуьненахь евзуш ю Делан Къуббасан килс санна. Кхечу матташкахь цӀерш Ӏаьр. كنيسة القيامة, эрм. Սուրբ Հարություն տաճար, желт.
Сийлахь меттиг | |
Делан Къуббанан килс | |
---|---|
(Iаьр. كنيسة القيامة, эрм. Սուրբ Հարություն տաճար, желт. | |
31°46′42″ къ. ш. 35°13′47″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
ГӀала | Къудс |
Лаьтта меттиг | Шира гIала |
Дин | Керста а, Ортодокс а, Католицизм а |
Епархи | Къудсан Ортодоксан Килс а, Къудсан Патриарх а |
Архитектурин хатӀ | Раннехристианская архитектура, романская архитектура, готическая архитектура |
Йиллинарг | Сийлахь-воккха Константин I, Елена Равноапостольная |
Йиллина терахь | XIV бӀешо |
ГӀирс | горная порода |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Къудсан Ширачу гӀалахь лаьтташ ю.
Делан йозанаш чохь дуьйцу, килс лаьтта меттиг Ӏийса жӀарах дӀатоьхна а, дӀавоьллина а, юха иза ден велла а меттиг хилар.
Зиярташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Делан къубба. Деса кош (желт. Κουβούκλιον / Куву́клия — «дуьйшу чоь») чохь ду. Къудсан ортодоксан килсан а, Къудсан Латинан патриархатан а, Эрмалойн апосталан килсан а долахь ю.
- Ширачу дийцарехь, Ӏийса жӀарах дӀатоьхна меттиг. Голгота цӀе йолу гу тӀехь ю, Ӏийса жӀарах дӀатохаран килса олу цунах.
- Даьтта луш болу тӀулг. Килсан тӀейина гӀишло чохь бу иза. Къудсан ортодоксан килсан а, Къудсан Латинан патриархатан а, Эрмалойн апостолан килсан а долахь бу.
- Къуббанан тӀера малико нацкъарбаькхна хилла тӀулган дакъа. Маликан килсан а, Деса Кош чохь а бу. И тӀулг желтойн ортодоксан престол бу.
- Бакъ жӀара карийна меттиг. И меттиг билгаляьккхина жӀаран суртанца. ЖӀара кардаран килсан чохь ю. Къудсан ортодоксан килсан долахь ю.
- ТаӀзар деш хенахь Ӏийса дӀавихкина колоннан дакъа. Кхечу дийцарехь, цу меттехь Ӏийсан таIзар дина, цун коьртан тӀе кӀохцалш долу таж тиллина а, юха нах Ӏийсах бийлина меттиг. КӀохцалан тажан килсехь ю и меттиг. Къудсан ортодоксан килсан долахь ю.
- Ӏийсан набахти. Хетарехь, циг чохь ша велле хилла Ӏийса. Къудсан ортодоксан килсан долахь ю.
- Бакъ-цӀена долу Делан ЖӀаран дакъалг а, сий долу нехан декъий а. Ортодоксан хазнан чохь ю.
Сарташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]-
Голготан тIе боьду лами
-
Голготан лакхе
-
Голготан тIехь Ӏамал яр
-
Голготан тIера доссар
-
Даьтта луш тIулг (лакхара кеп)
-
Iийсан даьтта хьакхар гойтуш мозаикан панно(лакхара кеп)
-
Голготан Даьтта луш тIулган кепаш
-
Кафоликон
-
Кхаъ Мариян капелла
-
ЧӀурамхӀотторган меже
-
ЖIарахошан Граффити
-
Сийлахь-Йоккха Еленан капелла
-
Магдалина Мариян тIе Iийса варан сагIдар
-
1990 шеран фреска.
-
Католикийн месса