(Translated by https://www.hiragana.jp/)
Салихь — Википеди Чулацаман тӀегӀо

Салихь

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Салихь
Ӏаьр. صَالِحٌ‎‎
Вина терахь в. э. хьалха XX бӀешарахь гергга
Вина меттиг Аль-Хьижр
Кхелхина терахь в. э. хьалха XIX бӀешарахь гергга
Ваьхна шераш 58 шо гергга
Къам, некъе самуд
Силсила Салихь ибн Ӏубайд ибн Асиф ибн Кашихь ибн Ӏубайд ибн Хьазир ибн Самуд ибн Жасир ибн Ирам ибн Сам ибн Нухь
Лоруш волу динаш ислам
Къуръанан адам
Къуръан чохь хьехор 9-зза
Тамашийна гӀуллакхаш йокъо, тархах эмкал хилийтар, турбанан санна озаца самудхой хӀаллакбар

Са̄лихь (Ӏаьр. صَالِحٌ‎‎) — иза Ӏаьрбийн пайхамарех цхьаъ ву, ислам дино ма-бохху. Цуьнан дийцар шен Самуд къомаца цхьаьна хьехийна ду Къуръан чохь, иза хьехийначу айатех ду: ﴾Самудхоша харцбира элчанаш ۝ ХIан, церан вашас Салихьа элира цаьрга: «Кхера ца кхоьру шу [Делах]»?﴿ [Къуръан 26:141-142][1][2].

Дала Салихь вахийтина Ӏаьрбийн делла дӀадевллачу тукхамех долчу «Самуд» олучу тукхамна, Нухьан кӀентан Саман берех схьадевллачу. И цӀе цу тукхаман дедайх цхьаьнга йиллина йу, ткъа иза ву: Самуд ибн Ӏад ибн Жасир ибн Ирам ибн Сам ибн Нухь. Салихь цу тукхамах ву, цуьнан силсила Самудца хӀотталуш йу. И къам дара чӀогӀа баркалладоцуш, Дала дуккха а шайн рицкъа а делла, амма уьш Ӏесахилира шайн Далла, хӀуьппалгашна лолла а дира цара, вовше шайн ницкъех дозалла а дора цара. ТӀаккха Дала царна вахийтира Салихь, кхаъ а боккхуш, кхерам а тосуш, амма цара иза харцвира, цунна муьтӀахь а ца хилира. Цара дийхира цуьнга шайна цхьа билгало гайта аьлла, шаьш цуьнах тешийта. ТӀаккха цо царна эмкал йалийра, цунна зе ма де аьлла омра а дира цо цаьрга, амма уьш шайн кураллина тӀера ца бевлира, эмкална урс а хьаькхира, и бахьана долуш Дала царна Ӏазап дира ткъесца, ткъа Салихь а, ийман диллинарш а кӀелхьарбехира Цо.

Салихьан силсилан хьокъехь Ӏеламнах бекъабелла масех дашана тӀехь:

  • Салихь ибн Ӏубайд ибн А̄сиф ибн Ка̄шихь ибн Ӏубайд ибн Хьа̄зир ибн Самӯд ибн Жа̄сир ибн Ирам ибн Са̄м ибн Нӯхь.
  • Салихь ибн Жабир ибн Самуд ибн Жасир ибн Ирам ибн Сам ибн Нухь.
  • Салихь ибн Ӏубайд ибн Анӣф ибн Ма̄сих ибн Ха̄дир ибн Жабир ибн Самуд.
  • Салихь ибн Ӏубайд ибн Ю̄суф ибн Са̄нихь ибн Ӏабӣл ибн Хьа̄зир ибн Самуд[3].

Дахар дӀайаздар

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Мадаин Салихь йа Хьижр; Салихь а, цуьнан къам а Ӏийна меттиг

Ӏад къомал тӀаьхьа Самуд къам деара, Ӏазапан дийцар кхечу кепара карладелира самудхошца, и къам дара хӀуьппалгашна Ӏибадатдеш, тӀаккха Дала царна вахийтира Салихь пайхамар. Салихьа элира шен къоме хӀора а пайхамаро олуш хилла долу дешнаш: ﴾ХӀай сан къам! Ӏибадатде АллахӀана. Кхин дела вац шуна, И воцург﴿.. уьш хийцалуш а дац, бакъдерг хийцалуш ца хиларе терра.

Цуьнан къомах болу баккхийнах цецбевллера цо дуьйцучух.. церан хӀуьппалгаш цхьа а пайда боцуш йу цо аьлча. Цо йухабеттар уьш царна Ӏибадатдарх, Цхьана АллахӀана де Ӏибадат бохуш омра а дора цо цаьрга. Цуьнан кхайкхамо йоккха гӀовгӀа йаьккхира къомана йукъахь. Салихь гӀараваьлла вара шен хьекъалаллица а, цӀоналлица а, дикаллица а. Цуьнан къомо иза лоруш вара Дала цуьнга хаам балале хьалха. Цуьнан къомо элира цуьнга: ﴾Ва Салихь! Кхул хьалха тхан сатуьйсийла йара хьо. Ткъа Ӏибадатдар доьхку ахь тхуна, тхан дайша шайна Ӏибадатдиначарна? Баккъалла а, синтембоцучу шеконна чохь ма ду тхо, ахь тхо шега кхойкхучуьнан хьокъехь﴿ [Къуръан 11:62].

Делан эмкалах лаьцна

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Салихьан кхайкхам даггара боллушшехь, билгалделира цара иза бакъ вийриг цахилар. Цуьнан кхайкхамах шекбевллера уьш, царна моьттура иза бозбуунча йа холмачхо ву, цара дийхира цуьнга тамашийна билгало (муӀжизат) гайтар, и шайга Дала ваийтина элча ву аьлла тешо. Ткъа Далла а лиира царна жопдала. Самуд къам дара лаьмнех йаккхий хӀусамаш йохуш. ГӀишлош йан тархаш (даккхий тӀулгаш) лелайора цара, онда а бара уьш, Дала массо а хӀуманна тӀехь Ӏap-да̄харан рицкъ деллера царна. Ӏад къомал тӀаьхьа баьхкинера уьш, шаьш даха хевшинчу лаьтта тӀехь Ӏан а Ӏийра уьш. Салихьа элира шен къоме, цара шех тешо тамашийна билгало гайтар даьхначу хенахь: ﴾ХӀай сан къам! ХӀан, хӀара Делан эмкал йу шуна — тамашийна билгало, Делан лаьтта тӀехь йажа йиталаш иза, цхьа а зен ма делаш цунна, йуххера Iазап догIур ду шуьга﴿ [Къуръан 11:64]. Эмкал тамашийна билгало (муӀжизат) йара, цхьана дийнахь ломана тӀера тарх йекъа а йелла, цу йуккъехула араелира и эмкал. Иза дуьнен чу йелира бевзаш болчу некъахула а доцуш. Иштта дийцина ду, цхьана дийнахь гӀу чуьра хи молуш йара эмкал, ткъа дисна дийнаташ цу дийнахь хина герга а ца доьдура. Дала цунна къастамбелла шен къамелехь: ﴾Делан эмкал﴿ — аьлла, Дала шена тӀетоьхна иза, Шен дагахь иза кхийолу эмкалш санна йоцу дела, мелхо а иза Делера тамашийна билгало йу. Эмкал Ӏийра Салахьан къомана йуккъахь. Царах цхьаберш тийшира (ийман диллира), ткъа кхиберш ца тийшира.

Тобано эмкална дуьхьал къайлаха бартбар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Салихьца хилла йолу церан га̄мо̄ эмкале дехьайелира. Гамо эмкална тӀейахнера, эмкална дуьхьал шен хьесий тийса къайлаха барт а болабелира. Керстачарна ца йийзира и йоккха тамашийна билгало, шайн дегнашкахь цхьана кӀелонна ойланаш йора цара.

Цхьана буьйсанна цу къомах болу баккхий нах гулбеллера. Дукхахьолахь гуш хуьлу пайхамарийн дийцаршкахь пайхамар а, цуьнан муӀжизат а, цуьнан кхайкхам а дӀабаккха гӀертар къоман коьртехь болчергара схьадогӀуш хилар. Шайн хьашташна кхоьруш, нах Дела цхьаъ варе берзахь а бохуш, шайх а ца кхоьруш, уьш Делах кхоьруш хиларна а. Къоман тхьамдаш буьйлабелира дагабовла, Салихьан кхайкхамна йаккха хӀун дийр дара те бохуш. Царах цхьамма элира эмкал йен йеза, цул тӀаьхьа ша Салихь а вен веза. Ткъа кхечо элира: «Салихьа вайга хьединера эмкалх куьг ма Ӏотта аьлла, йуххерчу Ӏазапца кхерам а тесира вайна». Царах цхьамма элира эмкал хьан йуьйр йу хаьа шена. ТӀаккха царах уггар декъазачо чагӀар а мелла, эмкал йийра. Дала шен къамелехь дуьйцу иза: ﴾Ткъа царех уггаре а дакъаза ваьллачо шена тIелецира [эмкал йер]﴿ [Къуръан 91:12], ﴾Шайн  накъосте дIакхайкхира цара, ткъа цо схьалаьцна, [урс] хьаькхна пхенаш хедийра﴿ [Къуръан 54:29]. ТӀаккха Салихьна хиира хилларг, шен къомана оьгӀаз а вахана, аравелира иза. Цо элира цаьрга: «Аса эмкалх хьакх ма ло ца элира шуьга?». ТӀаккха цара жопделира: «Оха йийна-кх иза, цундела Ӏазап даийтахьа тхойга, сихделахь иза... Хьо элча ву ца бахара ахьа?». ТӀаккха Салихьа элира цаьрга: ﴾Кхаа дийнахь шайн хӀусамашкахь зовкх хьега аша, иза харцдоцу ваӀда ду﴿ [Къуръан 11:65]. Цул тӀаьхьа шен къам дӀа а тесна, дӀавахара Салихь. ГӀуллакх чекхделира, Дала цунна ваӀда дира кхо де даьлча уьш хӀаллакбан. Салихьан къомах болу керстанаш Ӏазапах боьлуш а, цуьнга хьоьжуш а Ӏашшехь кхо де делира. Ткъа доьалгӀачу дийнахь сахуьлучу хенахь чӀоггӀа мохь хьакхарна стигал йекъайелира, мохь лаьмнашна тӀехаьрцира, цигахь чохь са мел долу хӀума хӀаллак а йеш. Цхьа мохь хьокхушшехь берриг а Ӏадийра уьш. Массо а хӀаллакхилира уьш хилларг хӀун ду а хаале. Ткъа Салихьца ийман диллинарах лаьцна аьлча, уьш шайн пайхамарца и меттиг дӀа а тесна, кӀелхьарбевлира.

Самудхойн хӀусамаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Самудхойн хӀусамаш Хьижрахь хилла. Цундела церан цӀе йаьккхина Дала Къуръан чохь «асхьабул-Хьижр» (Хьижран дай) аьлла:

  1. Хьижрарчу бахархоша а харцбира элчанаш.
  2. Оха Тхайн Ӏаламаташ делира царна, амма царех дӀабоьрзура.
  3. Лаьмнех, уьш ахка а охкий, кхерамзалле хIусамаш йора цара.
  4. Сахуьллуш хӀаллакбира уьш [Хьижрара бахархой], цӀогӀа а тоьхна.
  5. ГӀо а ца дира царна цара гулдинчо.
    Аль-Хьижр сурат 15:80-84, Къуръан

Ткъа Хьижр — дукха лаьмнаш долу латта ду, шена чохь тӀулгех цестина хӀусамаш а йолуш. СаӀудийн Ӏаьрбийчохь, Мадийнатна къилбаседехьа йу иза. Церан йартийн къапалгаш (руинаш) хӀинца а гуш йу, ткъа царах «Мадаин Салихь» (Салихьан йарташ) олу, ткъа церан хӀусамех «Фажжун-накъат» (Эмкалан чӀож) олу.

  1. Saudi Aramco World : Well of Good Fortune. web.archive.org (2014 шеран 23 октябрь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 25 май.
  2. Madain Saleh: Arabia’s Hidden Treasure – Saudi Arabia | BootsnAll. web.archive.org (2017 шеран 29 июль). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 25 май.
  3. ص356- مرآة الزمان في تواريخ الأعيان